2. "Зударшна бlе хьадис", 2-гlа хьадис | Муса

«Зударшна бlе хьадис» жайнийн записаш йолу вайн telegram-каналан ссылка:
"Зударшна бlе хьадис (2)" 2-гlа хьадис. 1:00 Хьайн хьекъалца ма дуста шарlан ахькамаш (правила). 2:00 Зударшка дукха сагlа даккха а, дукха гечдар деха а хlунда аьлла Пайхамара ﷺ? 2:56 Пайхмарна ﷺ боьршачу нахалла алсам жоьжахатехь зударий хlунда гайтина? 3:25 Неlалташ кхайкхош йолчу зудчо кхечу хlуманна тlехь а лар бийра бац шен мотт. 5:00 Зударийн хьекъал, дин эшна хиларан хlун бахьана ду? 5:35 Зуда хьекъална эшна хилар дуьйцу хьадис, и зуда охьатаlош дуй? (ущемлять) 7:15 Аллахlа а, Пайхмара ﷺ а бакъдерг бен олуш дац цхьаьннан а хьокъехь (бусалба йа керста, стаг йа зуда) 9:10 Зуда хьекъална, динна эшна йу бохург - мухле и зуда хастош хlума ду. Зудчуьнан синхаамаш (чувства) хьекъалалла а хьалха бовлу. 11:00 Даиманна а йац зуда иэс дlадахна, цхьайолчу ханчохь къаьсттина хуьлу. 12:15 Зудчуьнан боьрша стеган санна хьекъал делахьара, Дала зудчунна боьрша стаганна санна белхаш тlедохкур дара. 13:30 Зуда динанна эшна хилар Пайхамара ﷺ билгал муха дина? 15:00 Хьекъална эшна йу бохург «lовдал» йу бохург дац. 15:36 Аллахlа уггаре хьалха оцу зудчуьнах бина къинхетам бу, и боьрша стаг санна хьекъал долуш ца кхоллар. 17:20 Зудчунна lийда ламазе йаха мегаш дуй? 17:45 Жоьжахатех хьалха вала уггаре коьрта ши бахьана. 18:39 Зуда кхиайар бохучунна йукъа хlун догlу? 19:00 Даиманна а lибадатан йал йуьйцуш lан ца веза, къиношна бекхам а бийца беза, иза а ду насыхьатах. 20:00 Хьикмате къамел - иза ахь латийна долчу къиношах хьуна хир долу lазап а хьахор ду. 21:10 Хьехам бечу хенахь шога дош ала мега. 21:25 Духар лелош боцу зударий жоьжахате гlур бу? 22:24 Духар доьхна йоцучу зудчуьнга тlе а вахна «хьо жоьжахате гlур йу» ала меги? (йа кхин муьлхха а къа латош адам гича?) 23:00 Жоьжахатехь а, Ялсаманехь а дукхаха зударий хIунда хир бу? 23:30 Уггаре коьрта ши бахьана зуда жоьжахате йахаран. 23:42 Зуда гlиллакхехь хила а, оьзда юкъаметтиг лело а шен цlахь дуьйна lамор коьрта хилар. 25:10 Зуда хьекъална эшна хилар цуьнан фитратца ду (естество). 26:30 Зуда хьекъална эшна йу бохург массо а хlумангахь эшна йу бохург дац. 27:10 Хьекъал совдолуш ду, лахлуш ду. 27:45 Зудчо мел дукха lилма lамадарах а, и шен хьекъална эшна хилар метта хlотталур дуй? 28:16 Зуда хьекъална эшна йац бохуш инкарло йеш берш Пайхамаран ﷺ хьадис къобал ца деш, духа тухуш берш бу. 29:15 Зуда иман гlеллуш хила йиш йолуш йу. 30:05 Хьайд долчу зудчунна ламаз дар а, марха кхабар а хьарам хилар. 30:30 Хьайд бахьанехь йукъардевлла ламазаш а, марханаш а тlекхаба дезий? 31:08 Хlун бахьана ду зудчуьнан тоьшалла боьршачу стеган тоьшалан ах бен ца хилар? Муса Ялсамане

Смотрите также